Нохчийн меттан денца доьзна Грозненски пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан куьйгархочунна Минцаев Мохьмадан декъалдар!

25 Апреля 2022, 14:57, Культура

Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Хьомсара махкахой!

Сайн цIарах а, Грозненски пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан белхахойн цIарах а, суна даггара декъалда лаьа шу Нохчийн меттан денца!

Нохчийн Республикан куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан омрица билгалдаьккхина долу Нохчийн меттан де хIора шарахь апрель беттан 25-гIа чу дийнахь даздар хаза гIиллакх хилла схьадогIуш ду. Тахана регионан куьйгалло оьшуш мел дерг до ненан мотт Iалашбарехьа а, кхиорехьа а.

Нохчийн халкъан уггаре а коьртачех хазна ю нохчийн мотт. Вайн къомах дIакъасталур доцу дакъа ду иза, бIешерийн Iадаташ а, гIиллакхаш а, ламасташ а, истори а, культура а санна. Цундела вай декхар ду ненан мотт Iалашбар, кхиор, тIекхуьучу чкъурана цуьнан хазна дIакховдор.

Ас шу дерриге а даггара декъалдо Нохчийн меттан денца!
Вайн ненан мотт безаш, цуьнан сий а, дозалла а деш, ирсе дехийла вай маьршачу махкахь! Дала шен къоман мотт безарехь а, Ӏаморехь и ларбарехь а совдохийла вай, вайн тӀекхуьуш йолу къона тӀаьхье а!

#25гIа_апрель
#Ненанмотт



Сообщить об ошибке

Опишите ошибку подробнее

Адрес электронной почты для обратной связи